Билялова Рамиса Абуезидовна

02.12.2019

Билялова Рамиса Абуезидовна -  юьхьанцарчу классашкахь болх беш йолу 30 шо ду. 1989-чу шарахь Гуьмсера ГПУ-2 чекхъяьккхина, Лаха-Куьрчларчу ишколе балха яхара иза. 1996-чу шарахь Соьлжа-г1ала 1ен-яха схьаяр бахьана долуш №35 йолу юккъерчу школе балха яхара.

 

2010-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан унверситетан филологин факультет чекхъяьккхина. Карарчу хенахь Соьлжа-г1алин №35 йолчу юккъерчу юкъарадешаран ишколехь дешаран декъехь кхетош-кхиоран куьйгалхочун болх беш схьайог1уш ю иза. Нохчийн меттан хьехархойн методически цхьаьнакхетараллин  куьйгаллехь къахьоьгуш ю. Иштта дешархошна хьоьхуш, вайн мотт бовза, беза, бийца безаш хилар а, хьалдолуш хилар а дуьйцуш д1ахьо цо шен къинхьегаман некъ. Дайша аьлла: «Жимчохь 1амийнарг-т1улга т1е яздина йоза санна ду». Бераш жимчохь дуьйна ненан маттехула  Даймохк беза 1амош болх бо цо.

​Коьртачех долу шен декхар лору цо - къона т1аьхье 1илманехь, г1иллакх-оьздангаллица кхетош-кхиор. Цо шена т1аьхьа, юьхьарлаьцна некъ д1акхехьа къона хьехархой кхиабо. Царна г1оьнча а хилла, шен корматаллех пайда а оьцуьйтуш, йиллина урокаш, мероприятеш д1ахьо цо. Дуккхаммо пайда оьцу цуьнан корматаллех.